Сурат 37 Ас-саффат (МогIаршкахь лаьттарш)

  1. هَٰذَا يَوْمُ الْفَصْلِ الَّذِي كُنْتُمْ بِهِ تُكَذِّبُونَ

    'ХIара ду-кх и къастаран де‚ аш ша харцдеш хилла долу'

    37:21
  2. احْشُرُوا الَّذِينَ ظَلَمُوا وَأَزْوَاجَهُمْ وَمَا كَانُوا يَعْبُدُونَ

    'Схьагулбе и зулам динарш а‚ церан зударий а‚ цара /шайна/ Iибадат деш хилларш а,

    37:22
  3. مِنْ دُونِ اللَّهِ فَاهْدُوهُمْ إِلَىٰ صِرَاطِ الْجَحِيمِ

    Дела а витина. ДIанисбе уьш жоьжахатин новкъа!

    37:23
  4. وَقِفُوهُمْ ۖ إِنَّهُمْ مَسْئُولُونَ

    Совцабе уьш цаьрга барт хоттур бу!'

    37:24
  5. مَا لَكُمْ لَا تَنَاصَرُونَ

    'Шуна хIун хилла? Вовшашна гIо деш ма дац шу?'

    37:25
  6. بَلْ هُمُ الْيَوْمَ مُسْتَسْلِمُونَ

    ХIаъ‚ уьш тахана мукIар хилла

    37:26
  7. وَأَقْبَلَ بَعْضُهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ يَتَسَاءَلُونَ

    Царах цхьаберш тбирзи вукхарна, хоьттуш

    37:27
  8. قَالُوا إِنَّكُمْ كُنْتُمْ تَأْتُونَنَا عَنِ الْيَمِينِ

    Олуш: 'Шу ма дара тхуна тIедогIуш аьтту агIорхьара'

    37:28
  9. قَالُوا بَلْ لَمْ تَكُونُوا مُؤْمِنِينَ

    /Вукхара/ эр: 'ХIаъ‚ шу шаьш ца хилира тешаш /Делах/

    37:29
  10. وَمَا كَانَ لَنَا عَلَيْكُمْ مِنْ سُلْطَانٍ ۖ بَلْ كُنْتُمْ قَوْمًا طَاغِينَ

    Тхан шуна тIехь цхьа а ницкъ бацара. ХIаъ‚ шу шаьш хили тIехдаьлла къам

    37:30
  11. فَحَقَّ عَلَيْنَا قَوْلُ رَبِّنَا ۖ إِنَّا لَذَائِقُونَ

    Тхуна тIехь бакъ хили тхан Кхиош-кхобучун дош. Баккъалла а, оха Iовшур ду-кх /Iазап/

    37:31
  12. فَأَغْوَيْنَاكُمْ إِنَّا كُنَّا غَاوِينَ

    Оха шу а тили-кх‚ баккъалла а, тхо тхаьш а хилла-кх тиладелла'

    37:32
  13. فَإِنَّهُمْ يَوْمَئِذٍ فِي الْعَذَابِ مُشْتَرِكُونَ

    Баккъалла а, уьш оцу дийнахь Iазапехь /цхьанна/ декъах хир бу

    37:33
  14. إِنَّا كَذَٰلِكَ نَفْعَلُ بِالْمُجْرِمِينَ

    Баккъалла а, Тхо иштта до/зап/ къинош диначарна

    37:34
  15. إِنَّهُمْ كَانُوا إِذَا قِيلَ لَهُمْ لَا إِلَٰهَ إِلَّا اللَّهُ يَسْتَكْبِرُونَ

    Баккъалла а, уьш хилира шайга аьлча: 'Кхин дела вац АллахI бен', курабуьйлуш

    37:35
  16. وَيَقُولُونَ أَئِنَّا لَتَارِكُو آلِهَتِنَا لِشَاعِرٍ مَجْنُونٍ

    Цара олура: 'Оха буьтура ткъа тхан делий жинех волчу илланчин дуьхьа'

    37:36
  17. بَلْ جَاءَ بِالْحَقِّ وَصَدَّقَ الْمُرْسَلِينَ

    ХIаъ‚ иза-м веана бакъдолчуьнца‚ цо бакъбина баийтинарш

    37:37
  18. إِنَّكُمْ لَذَائِقُو الْعَذَابِ الْأَلِيمِ

    Баккъалла а, аш Iовшур ма ду лазош долу Iазап

    37:38
  19. وَمَا تُجْزَوْنَ إِلَّا مَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Шуна бекхам хир ма бац аш деш хилларг бен

    37:39
  20. إِلَّا عِبَادَ اللَّهِ الْمُخْلَصِينَ

    Делан сов цIена леш боцучара. (Царна хир дац зап)

    37:40

Гочдар: Магомед Магомедов