Сурат 37 Ас-саффат (МогIаршкахь лаьттарш)
-
فَإِنَّكُمْ وَمَا تَعْبُدُونَ
Баккъалла а, аша а‚ аш /шена/ Iибадат дечо а
37:161 -
مَا أَنْتُمْ عَلَيْهِ بِفَاتِنِينَ
Аш питне лоцур ма вац
37:162 -
إِلَّا مَنْ هُوَ صَالِ الْجَحِيمِ
Ша жоьжахатехь вегар верг бен
37:163 -
وَمَا مِنَّا إِلَّا لَهُ مَقَامٌ مَعْلُومٌ
Тхох ма дац цхьа а шена билгала меттиг йолуш бен
37:164 -
وَإِنَّا لَنَحْنُ الصَّافُّونَ
Баккъалла а, тхо могIарш бина ду (лаьтташ бадатехь могршца )
37:165 -
وَإِنَّا لَنَحْنُ الْمُسَبِّحُونَ
Баккъалла а, тхо тасбахь деш ду
37:166 -
وَإِنْ كَانُوا لَيَقُولُونَ
Уьш (Маккара керстанаш) хиллехь а олуш:
37:167 -
لَوْ أَنَّ عِنْدَنَا ذِكْرًا مِنَ الْأَوَّلِينَ
'Тхоьгахь хьехам хиллехьара хьалхалерачаьргара‚
37:168 -
لَكُنَّا عِبَادَ اللَّهِ الْمُخْلَصِينَ
Тхо хир дара Делан сов цIена леш'
37:169 -
فَكَفَرُوا بِهِ ۖ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ
Керстаналла дина цара цунна (Къуръанна)‚ тIаьхьа хуур ду царна
37:170 -
وَلَقَدْ سَبَقَتْ كَلِمَتُنَا لِعِبَادِنَا الْمُرْسَلِينَ
Хьалхадаьлла Тхан дош Тхан бахкийтинчу лешка
37:171 -
إِنَّهُمْ لَهُمُ الْمَنْصُورُونَ
Баккъалла а, уьш уьш бу шайн гIо дийр дерш
37:172 -
وَإِنَّ جُنْدَنَا لَهُمُ الْغَالِبُونَ
Баккъалла а, Тхан эскар (муъмин нах) и ду толамхо
37:173 -
فَتَوَلَّ عَنْهُمْ حَتَّىٰ حِينٍ
Дверза царах цхьа хан яллалц
37:174 -
وَأَبْصِرْهُمْ فَسَوْفَ يُبْصِرُونَ
Гайта цаьрга /царна Iазап дуссуш/ тIаьхьа гур ду царна /шайн керстаналлин бекхам/
37:175 -
أَفَبِعَذَابِنَا يَسْتَعْجِلُونَ
Ткъа Тхан Iазапца а сих ло уьш?
37:176 -
فَإِذَا نَزَلَ بِسَاحَتِهِمْ فَسَاءَ صَبَاحُ الْمُنْذَرِينَ
Иза (Iазап) доьссича, церан керташка (аренга) ма вон хилла-кх шайна кхерам тесначеран Iуьйре
37:177 -
وَتَوَلَّ عَنْهُمْ حَتَّىٰ حِينٍ
Дверза царах цхьа хан яллалц
37:178 -
وَأَبْصِرْ فَسَوْفَ يُبْصِرُونَ
Гайта тIаьхьа гур ду царна
37:179 -
سُبْحَانَ رَبِّكَ رَبِّ الْعِزَّةِ عَمَّا يَصِفُونَ
ЦIена ву хьан Кхиош-кхобург - сийлаллин Эла цара /Шена тхь/ кхуллучу /харц/ сибатех
37:180
Гочдар: Магомед Магомедов