Сурат 37 Ас-саффат (МогIаршкахь лаьттарш)
-
أُولَٰئِكَ لَهُمْ رِزْقٌ مَعْلُومٌ
Царна девзаш долу рицкъ ду
37:41 -
فَوَاكِهُ ۖ وَهُمْ مُكْرَمُونَ
Стоьмаш‚ церан сийдеш хир ду
37:42 -
فِي جَنَّاتِ النَّعِيمِ
НиIматийн бошмашкахь
37:43 -
عَلَىٰ سُرُرٍ مُتَقَابِلِينَ
Маьнганий тIехь вовшийн духь-дуьхьал лаьтташ
37:44 -
يُطَافُ عَلَيْهِمْ بِكَأْسٍ مِنْ مَعِينٍ
Царна /тIехьийзаш/ го боккхур бу /бераша/ шовдана чуьра /ихачу/ чагIаран кадаца
37:45 -
بَيْضَاءَ لَذَّةٍ لِلشَّارِبِينَ
КIайн‚ чоме /малар/ долуш молучарна
37:46 -
لَا فِيهَا غَوْلٌ وَلَا هُمْ عَنْهَا يُنْزَفُونَ
Цу чохь /хьекъал/ талхар а дац /корта лезаш/‚ уьш цунах бехар а бац
37:47 -
وَعِنْدَهُمْ قَاصِرَاتُ الطَّرْفِ عِينٌ
БIаьрса лоцу долуш бIаьргаш баккхий болу /хаза зударий/ хир бу церан
37:48 -
كَأَنَّهُنَّ بَيْضٌ مَكْنُونٌ
Шаьш хьуламехь долчу хIоах тера
37:49 -
فَأَقْبَلَ بَعْضُهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ يَتَسَاءَلُونَ
Царах цхьаберш вукхарна дуьхьал гIур бу, хоьттуш
37:50 -
قَالَ قَائِلٌ مِنْهُمْ إِنِّي كَانَ لِي قَرِينٌ
Эр ду царах олучо: 'Баккъалла а, сан цхьа накъост ма вара /дуьненахь долуш/
37:51 -
يَقُولُ أَإِنَّكَ لَمِنَ الْمُصَدِّقِينَ
Цо олура: 'Баккъалла а, хьо /пайхамараш/ бакъбечарах ву?
37:52 -
أَإِذَا مِتْنَا وَكُنَّا تُرَابًا وَعِظَامًا أَإِنَّا لَمَدِينُونَ
Вай делча‚ вайх поппар (топпар) а‚ даьIахкаш (тхкаш) а хилча, вай бекхаме узур ду?'
37:53 -
قَالَ هَلْ أَنْتُمْ مُطَّلِعُونَ
Цо элира: 'Шу хьовсий?'
37:54 -
فَاطَّلَعَ فَرَآهُ فِي سَوَاءِ الْجَحِيمِ
Иза хьаьжира‚ тIаккха цунна иза жоьжахатина юккъехь гира
37:55 -
قَالَ تَاللَّهِ إِنْ كِدْتَ لَتُرْدِينِ
Цо элира: 'ТаллахIи‚ /цхьана маьIIара/ со хIаллаквеш ма лаьттара ахь
37:56 -
وَلَوْلَا نِعْمَةُ رَبِّي لَكُنْتُ مِنَ الْمُحْضَرِينَ
Сан Кхиош-кхобучун ниIмат ца хиллехьара, со хир ма вара /хIоккхахь/ лаьттачарах'
37:57 -
أَفَمَا نَحْنُ بِمَيِّتِينَ
/Ялсаманин охIлано эр ду, уьш бахьош/: 'Вай лийр долуш дац?
37:58 -
إِلَّا مَوْتَتَنَا الْأُولَىٰ وَمَا نَحْنُ بِمُعَذَّبِينَ
Вайн цкъа далар а бен‚ вайна Iазап дийр долуш а дац?
37:59 -
إِنَّ هَٰذَا لَهُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
Баккъалла а, хIара бу-кх сийлахь-беза толам
37:60
Гочдар: Магомед Магомедов