Сурат 37 Ас-саффат (МогIаршкахь лаьттарш)

  1. لِمِثْلِ هَٰذَا فَلْيَعْمَلِ الْعَامِلُونَ

    Ишттачун дуьхьа къахьоьгийла къахьоьгучара'

    37:61
  2. أَذَٰلِكَ خَيْرٌ نُزُلًا أَمْ شَجَرَةُ الزَّقُّومِ

    Ткъа иза ду дика тIедосса /хьошалгIа/‚ я заккъум дитт ду?

    37:62
  3. إِنَّا جَعَلْنَاهَا فِتْنَةً لِلظَّالِمِينَ

    Баккъалла а, Оха иза хилийтина питна хилла зуламхошна

    37:63
  4. إِنَّهَا شَجَرَةٌ تَخْرُجُ فِي أَصْلِ الْجَحِيمِ

    Баккъалла а, иза ду жоьжахатина бухахь арадолу дитт

    37:64
  5. طَلْعُهَا كَأَنَّهُ رُءُوسُ الشَّيَاطِينِ

    Цуьнан стоьмаш бу шайтIанийн кортош санна

    37:65
  6. فَإِنَّهُمْ لَآكِلُونَ مِنْهَا فَمَالِئُونَ مِنْهَا الْبُطُونَ

    Баккъалла а, цара цунах дуур долуш а ду‚ гайнаш юзор йолуш а ю цунах

    37:66
  7. ثُمَّ إِنَّ لَهُمْ عَلَيْهَا لَشَوْبًا مِنْ حَمِيمٍ

    ТIаккха баккъалла а, царна цунна тIе /тоьхна/ цIийдина хи ду

    37:67
  8. ثُمَّ إِنَّ مَرْجِعَهُمْ لَإِلَى الْجَحِيمِ

    ТIаккха баккъалла а, церан дIадерзар жоьжахате ду

    37:68
  9. إِنَّهُمْ أَلْفَوْا آبَاءَهُمْ ضَالِّينَ

    Баккъалла а, царна карийра шайн дай а тилабелла /царна тIаьхьабаьзира уьш/

    37:69
  10. فَهُمْ عَلَىٰ آثَارِهِمْ يُهْرَعُونَ

    Уьш церан лорах лехкира. (Дуьненахь болуш шайн дайша дина къинош дира цара а)

    37:70
  11. وَلَقَدْ ضَلَّ قَبْلَهُمْ أَكْثَرُ الْأَوَّلِينَ

    Тилабелира царал хьалха дуьххьар хиллачарах дукхахберш

    37:71
  12. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا فِيهِمْ مُنْذِرِينَ

    Оха бахийтира цаьргахь кхерамчаш

    37:72
  13. فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُنْذَرِينَ

    Хьажал‚ муха хилла шайна кхерам тесначеран тIаьхье

    37:73
  14. إِلَّا عِبَادَ اللَّهِ الْمُخْلَصِينَ

    Делан сов цIена леш боцучеран

    37:74
  15. وَلَقَدْ نَادَانَا نُوحٌ فَلَنِعْمَ الْمُجِيبُونَ

    Тхоьга кхийкхира Нухьас ма дика жоп луш дерш ду /Тхо/

    37:75
  16. وَنَجَّيْنَاهُ وَأَهْلَهُ مِنَ الْكَرْبِ الْعَظِيمِ

    Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а боккхачу балих

    37:76
  17. وَجَعَلْنَا ذُرِّيَّتَهُ هُمُ الْبَاقِينَ

    Оха хилийтира цуьнан зуьррет иза бухадуьсург

    37:77
  18. وَتَرَكْنَا عَلَيْهِ فِي الْآخِرِينَ

    Оха цунна дитира /хаза хаставар/ тIаьхьенашкахь

    37:78
  19. سَلَامٌ عَلَىٰ نُوحٍ فِي الْعَالَمِينَ

    Салам ду Нухьана Iаламашкахь

    37:79
  20. إِنَّا كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ

    Баккъалла а, Оха иштта бекхам бо дикачарна

    37:80

Гочдар: Магомед Магомедов