Сурат 37 Ас-саффат (МогIаршкахь лаьттарш)
-
إِنَّا كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ
Баккъалла а, Оха иштта бекхам бо дикачарна
37:121 -
إِنَّهُمَا مِنْ عِبَادِنَا الْمُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, и шиъ Тхан муъмин лешех ву
37:122 -
وَإِنَّ إِلْيَاسَ لَمِنَ الْمُرْسَلِينَ
Баккъалла а, Ильяс а ма ву бахкийтинчарах
37:123 -
إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ أَلَا تَتَّقُونَ
Цо ма элира шен къоме: 'Шу /Делах/ ца кхоьру?
37:124 -
أَتَدْعُونَ بَعْلًا وَتَذَرُونَ أَحْسَنَ الْخَالِقِينَ
Аш кхойкху ткъа БаIлага‚ уггар дика кхоллархо а вуьтий?
37:125 -
اللَّهَ رَبَّكُمْ وَرَبَّ آبَائِكُمُ الْأَوَّلِينَ
АллахI шун Дела а, шун хьалхалера дайн Дела а вуьтий?'
37:126 -
فَكَذَّبُوهُ فَإِنَّهُمْ لَمُحْضَرُونَ
Тккха цара иза харцвира – баккъалла а, уьш хьалхахттор ма бу /жоьжахатина, запана/
37:127 -
إِلَّا عِبَادَ اللَّهِ الْمُخْلَصِينَ
Делан сов цIена леш боцурш
37:128 -
وَتَرَكْنَا عَلَيْهِ فِي الْآخِرِينَ
Оха дитира цунна /хаза цIе яккхар, наха хаставар/ тIаьхьабогIучаьргахь
37:129 -
سَلَامٌ عَلَىٰ إِلْ يَاسِينَ
Салам-маршалла ду Ил-йāсūна
37:130 -
إِنَّا كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ
Баккъалла а, Оха иштта бекхам бо дикачарна
37:131 -
إِنَّهُ مِنْ عِبَادِنَا الْمُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, и Тхан муъмин лешех ву
37:132 -
وَإِنَّ لُوطًا لَمِنَ الْمُرْسَلِينَ
Баккъалла а, ЛутI а ву бахкийтинчарах
37:133 -
إِذْ نَجَّيْنَاهُ وَأَهْلَهُ أَجْمَعِينَ
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан берриг доьзал а
37:134 -
إِلَّا عَجُوزًا فِي الْغَابِرِينَ
/запехь/ бисинчарна юккъехь хилла йолу /Лутн зударех/ цхьа йоккха стаг йоцург
37:135 -
ثُمَّ دَمَّرْنَا الْآخَرِينَ
ТIаккха Оха бохийра биснарш
37:136 -
وَإِنَّكُمْ لَتَمُرُّونَ عَلَيْهِمْ مُصْبِحِينَ
Баккъалла а, шу лелаш ма дуй царна юххехула Iуьйрана а‚
37:137 -
وَبِاللَّيْلِ ۗ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Буьйсана а. Шу хьекъале ца хуьлу?
37:138 -
وَإِنَّ يُونُسَ لَمِنَ الْمُرْسَلِينَ
Баккъалла а, Юнус а ву бахкийтинчарах (элчанех)
37:139 -
إِذْ أَبَقَ إِلَى الْفُلْكِ الْمَشْحُونِ
Ведара иза дуьззинчу кемана тIе
37:140
Гочдар: Магомед Магомедов