Сурат 37 Ас-саффат (МогIаршкахь лаьттарш)

  1. فَسَاهَمَ فَكَانَ مِنَ الْمُدْحَضِينَ

    Цо кхаж тесира /царца/ иза эшначарах хилира

    37:141
  2. فَالْتَقَمَهُ الْحُوتُ وَهُوَ مُلِيمٌ

    И кхеллира чIеро и бехке а волуш

    37:142
  3. فَلَوْلَا أَنَّهُ كَانَ مِنَ الْمُسَبِّحِينَ

    Баккъалла а, иза ца хиллехьара тасбахь дечарах

    37:143
  4. لَلَبِثَ فِي بَطْنِهِ إِلَىٰ يَوْمِ يُبْعَثُونَ

    Вуьсара ма вара цуьнан кийрахь уьш юхадендечу /къемат/дийне кхаччалц

    37:144
  5. فَنَبَذْنَاهُ بِالْعَرَاءِ وَهُوَ سَقِيمٌ

    Кхоьссира Оха иза ара (яьссачу меттиге), цомгуш а волуш

    37:145
  6. وَأَنْبَتْنَا عَلَيْهِ شَجَرَةً مِنْ يَقْطِينٍ

    Оха далийтира цунна туьтен (гIабакхан) дитт

    37:146
  7. وَأَرْسَلْنَاهُ إِلَىٰ مِائَةِ أَلْفٍ أَوْ يَزِيدُونَ

    Оха вахийтира иза бIе эзарна (дуккха нахана тIе) я совболчаьрга

    37:147
  8. فَآمَنُوا فَمَتَّعْنَاهُمْ إِلَىٰ حِينٍ

    Цара ийман диллира Оха цхьа хан тIекхаччалц бахам белира царна

    37:148
  9. فَاسْتَفْتِهِمْ أَلِرَبِّكَ الْبَنَاتُ وَلَهُمُ الْبَنُونَ

    Ахь хаттал цаьрга: 'Ткъа хьан Кхиош-кхобучунна мехкарий бу‚ ткъа царна кIентий бу

    37:149
  10. أَمْ خَلَقْنَا الْمَلَائِكَةَ إِنَاثًا وَهُمْ شَاهِدُونَ

    Я Оха кхоьллина маликаш зударийн /жинсах / царна гуш?'

    37:150
  11. أَلَا إِنَّهُمْ مِنْ إِفْكِهِمْ لَيَقُولُونَ

    ХIан-хIа! Баккъалла а, шайн эладитанах дуьйцуш ма ду и цара

    37:151
  12. وَلَدَ اللَّهُ وَإِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ

    Дала бер дина /бохуш/ баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу

    37:152
  13. أَصْطَفَى الْبَنَاتِ عَلَى الْبَنِينَ

    Мехкарий хаьржина Цо кIентел‚ /бохуш/?

    37:153
  14. مَا لَكُمْ كَيْفَ تَحْكُمُونَ

    ХIун ду шуна‚ муха хьукам до аш?

    37:154
  15. أَفَلَا تَذَكَّرُونَ

    Ойла ца йо аш?

    37:155
  16. أَمْ لَكُمْ سُلْطَانٌ مُبِينٌ

    Я шун билгала бакъо ю?

    37:156
  17. فَأْتُوا بِكِتَابِكُمْ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Схьало шайн жайна, шу бакълуьйш хиллехь

    37:157
  18. وَجَعَلُوا بَيْنَهُ وَبَيْنَ الْجِنَّةِ نَسَبًا ۚ وَلَقَدْ عَلِمَتِ الْجِنَّةُ إِنَّهُمْ لَمُحْضَرُونَ

    Цара хилийтира Цуьнан а‚ жинийн юкъахь гергарло. Жинашна хиира уьш дIахIоттор буйла

    37:158
  19. سُبْحَانَ اللَّهِ عَمَّا يَصِفُونَ

    ЦIена ву и Дела цара дечу /харц/ сибатах

    37:159
  20. إِلَّا عِبَادَ اللَّهِ الْمُخْلَصِينَ

    Сов цIена Делан леш боцурш /жоьжахатина хьалха дIахIоттор бу/

    37:160

Гочдар: Магомед Магомедов