Сурат 37 Ас-саффат (МогIаршкахь лаьттарш)
-
إِنَّهُ مِنْ عِبَادِنَا الْمُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, иза ву Тхан муъмин лешех
37:81 -
ثُمَّ أَغْرَقْنَا الْآخَرِينَ
ТIаккха Оха хи бухабахийтира бисинарш
37:82 -
وَإِنَّ مِنْ شِيعَتِهِ لَإِبْرَاهِيمَ
Баккъалла а, цуьнан тобанах ма ву ИбрахIим а
37:83 -
إِذْ جَاءَ رَبَّهُ بِقَلْبٍ سَلِيمٍ
Дагадаийта! Иза веара шен Кхиош-кхобучунна тIе цIенчу дагца
37:84 -
إِذْ قَالَ لِأَبِيهِ وَقَوْمِهِ مَاذَا تَعْبُدُونَ
Дагадаийта! Цо аьллера шен дега а‚ шен къоме а: 'ХIун ю аш Iибадат деш ерг?
37:85 -
أَئِفْكًا آلِهَةً دُونَ اللَّهِ تُرِيدُونَ
Харцдерг делий /лаца/ лаьа шуна, АллахI- Дела а вуьтий?
37:86 -
فَمَا ظَنُّكُمْ بِرَبِّ الْعَالَمِينَ
ХIун ду шуна моьттург Iаламийн Дех?'
37:87 -
فَنَظَرَ نَظْرَةً فِي النُّجُومِ
Иза хьежира хьажарца седарчашка
37:88 -
فَقَالَ إِنِّي سَقِيمٌ
ТIаккха цо элира: 'Баккъалла а, со цомгуш ву'
37:89 -
فَتَوَلَّوْا عَنْهُ مُدْبِرِينَ
Уьш дIабирзира цунах‚ букъ берзина
37:90 -
فَرَاغَ إِلَىٰ آلِهَتِهِمْ فَقَالَ أَلَا تَأْكُلُونَ
Иза тIевирзира церан делашна‚ цо элира: 'Аш ца юу?
37:91 -
مَا لَكُمْ لَا تَنْطِقُونَ
Шуна хIун хилла‚ дист ца хуьлу шу?'
37:92 -
فَرَاغَ عَلَيْهِمْ ضَرْبًا بِالْيَمِينِ
Иза тIевирзира царна, тухуш аьтту куьйгаца
37:93 -
فَأَقْبَلُوا إِلَيْهِ يَزِفُّونَ
Уьш дуьхьалкхийтира цунна бевда беана
37:94 -
قَالَ أَتَعْبُدُونَ مَا تَنْحِتُونَ
Цо элира: 'Аш Iибадат до ткъа шаьш тостуш йиначарна?'
37:95 -
وَاللَّهُ خَلَقَكُمْ وَمَا تَعْمَلُونَ
Дела ма ву шу кхоьллинарг а‚ аш деш дерг а /кхоьллинарг а/'
37:96 -
قَالُوا ابْنُوا لَهُ بُنْيَانًا فَأَلْقُوهُ فِي الْجَحِيمِ
Цара элира: 'Ē цунна гIишло‚ чу кхосса иза егачу цIарга!'
37:97 -
فَأَرَادُوا بِهِ كَيْدًا فَجَعَلْنَاهُمُ الْأَسْفَلِينَ
Царна лиира цуьнца мекарло ян‚ Оха хилийтира уьш кIелбисинчарах
37:98 -
وَقَالَ إِنِّي ذَاهِبٌ إِلَىٰ رَبِّي سَيَهْدِينِ
Цо (ИбрахIима) элира: 'Баккъалла а, со воьду сан Кхиош-кхобучунна тIе. Цо нисвийр ву со
37:99 -
رَبِّ هَبْ لِي مِنَ الصَّالِحِينَ
Сан Кхиош-кхобург‚ суна дикачарах /доьзалхо/ лōлахь'
37:100
Гочдар: Магомед Магомедов